Гайтукаева Банин цхьа хаза байт ю. Цу тIехь цо гайтина, мел талхабо нохчийн мотт, кхечу меттанашкара долу дешнаш юкъа а далош, бийцича. И байт чIогIа самукъане ю, амма цу тIехь дуьйцург хIумма а самукъане дац. Банина ца лаьара вайн мотт оцу тайпана бийцита.
Тхо Iилманчаш дац, я лингвисташ а дац, я оцу тIегIанна тIехь болх бан дагахь а дац. Амма тхуна сил а дукха беза вайн мотт. Тхешан таро йолчу кепара и мотт ларбан а, шарбан а, берашна бовзийта а Iалашо ю тхан. И болх дIабахьа дагахь кхоьллира оха тхешан организаци.
Амма тхо и болх бина Iийр дац. Тхан кхин а дуккха проекташ ю. Цундела кхиболу белхаш а бан дагахь ду тхо. Царах лаьцна хIокху сайта тIехь яздийр ду оха.
Кхузахь шун таро хир ю хIара де тIекхаччалц бина белхаш бовза. Тхох бехкаш даха а мегар ду шуна, тхо хастош къамел дан а мега аша, дан дезарг аша хьехахь, иза тидаме а оьцур ду шуна оха. Тхуна хазахетар ду шу кест-кестта, тхан сайт схьа а йоьллуш, оха бечу балхе шу хьаьжча. Дала аьтто бойла вайн массеран а.