Журналисташкара тергам ца хуьлу ала тхан организацин белхалойн аьтто бац. Кхузахь шун таро хир ю цхьайолу статьяш еша а, видеоматериалашка хьажа а. Уьш меттигерчу а, иштта региональни а, федеральни газеташкахь еша, иштта "Маршо" радионо шайн сайт тIехь билгалъяьккхина цхьа материал.
Уггар чолхе а, дукха болх бан беза а яра оха араяьккхина кхо киншка. Уьш дара дуьненан халкъийн туьйранаш. И тайпа киншкахь нохчийн маттахь дуьххьара араяьхнера. Цу балхах лаьцна федеральни телеканалашкахь масех хаам а хилира, газеташкахь а, интернет-порталаш тIехь а бира цунах лаьцна хаамаш.
Иштта, REGNUM цIе йолчу хаамийн агентствоно а бира цу хьокъехь хаам. Кхечу агентствоша а бира и тайпа хаамаш: "Кавказский узел", newyork.ru.
Тхан сайт схьа а йиллина, материалаш йоьшуш болчарна, схьахетарехь, луур ду оцу проектан куьйгалхочо Чагаева Тамарас и болх д1аболорах лаьцна йолу эссе еша.
Тхан творчески тобанах лаьцна, хьалха ма-аллара, дуккха а статьяш язйина. "Молодежная смена" газет тIехь а яра йоккха статья, цу газетан редакторо Юнусова Тамарас язйина яра иза.
Г-Х. Андерсенан туьйранаш нохчийн матте дахаран хьокъехь хаам бира Чечен-инфо агентствоно а.
Вайн республикан коьрта газето а бира тхан белхан тидам. Цу газетан агIонаш тIехь араелира Абалаева Маликас язйина статья.
2015-чу шарахь вайн пачхьалкхехь дIакхайкхина дара Литературан Шо. Церан сайт тIехь араелира Вежарийн Гримм туьйранаш нохчийн маттахь арадаьхна хиларх лаьцна йолу материал.
Кхин дуккха а статьяш а, телесюжеташ а карор ю шуна интернетехь. Уьш ю кхузахь, кхечу меттигашкахь а.