Нохчийн йозанан историн цхьа агIо

Шуна хIинца гуш ерш 1938-чу шарахь арахецна йолу Вежарийн Гримм туьйранаш тIехь йолчу сборникан масех агIо ю. Уьш латинан меттан элпашца язйина ю, ткъа туьйранаш нохчийн маттахь ду. «Мерза худар» боху туьйра ду иза (цуьнан кхечу тайпана цIе а ю – «Хударан гуьмалг»). Нийсса шо даьлча, 1939-чу шарахь, вайн мотт кириллицин элпийн бух тIе балийна хилла.