Тхан организацин гIоьнчаша хьалхарчу июнехь гIоьналлин гIуллакх дIадехьира – берийн паркехь дIайикъира маьхза дIайикъира тхаьш арахецна йолу киншкаш. Царна юкъахь берашна лерина йолу киншкаш а, иштта «Абат» а яра. Бераша дукха хазахеташ дIаийцира шайна дина совгIаташ. И акци лерина яра массо а дуьненахь Бераш лардаран хьокъехь даздеш долчу денна.