«Дlахеца книга!» цlе йолу проект оха дагалацаран lалашо цхьаъ яра – вайн кегийрхошна еша а ца лаьа, ешар деза а ца деза, цара йоьшур а яц бохург харцдар.
Ешархошца йолу юкъаметтиг тешама тlехь кхуллуш ю: книга схьа а эций, еша а еший, кхечуьнга дlало. Ешна яллалц йолчу юкъана бен цхьана меттехь саца езаш яц книга. Кхидlа рогlерчу ешархочуьнга дlало и я офисе юха а йохьий, дуьхьал кхин книга хьо.
Еша! Хийцало! Кхечарна кху проектах лаций дийца! Хьайн доттагlий, бевзарш, лулахой, гергарниш еша марзбе…
Ахь мел дукха "хьовла" бахарх а, бага марзлур яц олуш кица ду. Иштта ду книгашца долу хьал а. Вайна стенгара хуур ду, нахана книгаш еша лаьа я ца лаьа, уьш еша марзъян вай хlумма а дина ца хилча?!
Цундела, тхуна коьрта хетарг - ешархочуьнга Книга дlакхачор ду. Ткъа еша марзло я ца марзло бохург цул тlаьхьа дуьйцур ду.
Проектехь йолчу книгийн терахь кхин а лакхадер ду. Хьалхарчу кхаа кlиранах пхи бlе сов книга вовшахтоха ницкъ кхаьчна хилча, проектах дерг шуьйра довза мел девза, книгаш кхин а совъевр ю аьлла хета. Книгаш езачеран лехамаш кхочушхир бу аьлла а хета.
Ткъа тхайн рогlехь, оха дерриге а дийр ду и болх кхачаме хилийта.
Цу хьокъехь шайна хетарг аша довзийтича, хаза а хетар ду...