«Нохчийчоьнан сатийсар» аьлла цIе тиллира оха тхешан организацин, ткъа оьрсийн маттахь аьлча иза «Надежда Чечни» бохург ду. Дейтта шо ду оха цхьаьна болх бен. Уггар хьалха оха, вайн махкахь тIом балар бахьана долуш, Нохчийчуьра арабевллачеран бакъонаш ларъеш дIабаьхьира тхешан болх. Иштта цхьацца долчу кхачамбацаршна тIеберзийна а бара тхан болх.
Цхьа хан дIаяьллачул тIаьхьа оха бакъонаш ларъяран болх бина а ца Iаш, нохчийн меттаца боьзна болх а бора. Иштта, 2004-чу шарахь дуьххьара араелира кхо киншка, оьрсийн маттахь аьлча - трехтомник. Цу тIехь нохчийн матте даьхна дуьненан халкъийн туьйранаш дара. Цул тIаьхьа араелира Г-Х. Андерсенан туьйранаш тIехь долу керла сборник а. Ерриш а цхьаьна дIалерича 14 киншка араяьккхина тхан организацино.