Слайд-шоу

ХIокху слайд-шоу тIехь шуна гуш ду Нохчийн Республикера бераш. И суьрташ даха долийна дукха хан яра. Шуна ма-гарра, кхузахь гIалгIайн махкахь лаьттинчу палаткеш чохь Iийна бераш а ду, иштта ПВР-ш чохь Iийна долу бераш а ду, республикерачу масех школера бераш а ду, кхечу берийн учрежденешкара бераш а ду. Царна юкъахь шуна гур ду нохчийн шина йоIа шайн нийсархо йолчу Америкера йоIана нохчийн мотт Iамош. Цунна шена лиънера, кхушиммо буьйцуш а хезна, вайн мотт Iамо.

Тхо тешна ду хIара слайд-шоу кхин а шорлуш, нохчийн берийн Iер-дахар гойтуш дIагIур ю аьлла.