Марша догIийла!

Тахана оха шуна йовзуьйту Нохчийн региональни общественни организацин сайт. Тхан организацин цIе «Нохчийчоьнан сатийсар» ю, оьрсийн маттахь аьлча – «Надежда Чечни». Май баттахь шийтта шо кхочу  организаци кхоьллина. Оха дуккха а тайп-тайпана белхаш бо, амма царна юкъахь тхуна уггар мехала хеташ дерг – серладаккхаран (просветительски) белхаш бу.

ХIокху сайта тIехь яздинарг дIадешча шуна бевзар бу оха бина белхаш а, кхидIа дан леринарг а. Иштта евзар ю шуна тхан коллектив а, цо баьхна кхиамаш а. ДIадаханчу шерашкахь дуккха а зеделларг гулдина оха, белхан корматалла кара а ерзийна. И болх нохчийн маттахь берашна лерина йолу литература кхолларан Iалашо схьа а лаьцна, цу тIегIанна тIехь дIа а баьхьна оха.

ХIара болх кхидIа а дIахьочу заманчохь,  тхо тешна ду дуккха а гIоьнчий хир бу аьлла а, иштта тхайх кхеташ нах хир бу аьлла а. Оха дIахьочу балха тIехь накъосталла а оьшу, хьехар дан нах а оьшу, хьекъал долу нах а оьшу. Тхан дегнаш массо а дикачу хIуманна тIехь дIадиллина ду. КхидIа цхьаьна бийр бу вай хIара болх.