Зайнди вайна юкъахь вехаш волчу хенахь, иза цкъа а лийр воцуш санна хетара – иштта чIогIа яра цуьнан нахаца йолу юкъаметтиг. Иза даима а телепередачашкахь хила веза аьлла хетара, цуьнан къамеле хаддаза ла а дугIуш. Цунна Дала хIокху дуьненчохь тIедиллина онда гIуллакх хилла – нохчийн мотт ларбан а, иза туобеш, нисбеш дIабахьа а, иштта нахе буьйцуш дIакхайкхо а. Цо иза дан а дора шен дахаран дохаллехь. Цунна чIогIа безара ненан мотт а, халкъан бертан кхолларалла а, и шен безам массаьрга а дIа а кхайкхабора цо.
Тхо дуьненан халкъийн туьйранаш нохчийн матте даха кечделча, уггар хьалха оха динарг – Джамалханов Зайндех дагадовлар дара. Оха шена тIедеъначуьнга дикка ла а доьгIна, цо элира: «Аша дан долийнарг чIогIа мехала хIума ду. Со мичча а хенахь гIо дан кийча ву шуна».
Цул тIаьхьа цо шегахь йита элира оха гочдина йолу тексташ. Цо аьллачо тхо тешийра Зайндис тхайна гIо дийриг хиларх, мичча а хенахь тхо тIеэца иза кийча хиларх а. Ткъа и хан нохчийн исторехь уггар хала хан яра – 2000-гIа шо.
Оха чIогIа дозалла до тхешан уггар коьрта консультант поэт, прозаик, публицист, гочдархо, нохчийн мотт дукха дика хууш волу Джамалханов Зайнди хилла.