Жимачу берана дуккха а хIума Iамо дезаш хуьлу. Масала, лакхахь-лахахь, жима-йоккха, эсала-оьгIазе, иштта кхидIа а. И санна долу дешнаш баккхийчарна дика хаьа, амма ши-кхо шо кхаьчначарна уьш Iамо деза, иштта, лекханиг муха хуьлу, я лоханиг муха хуьлу, кIеданиг я чIогIаниг муха хуьлу а Iамо деза. Цундела лиънера тхуна и тайпа берийн киншка араяккха.
Цуьнан цIе «Хьажа, дуста» ю. Берашна и тайпа киншка аш елча, иза цунна доккха совгIат хир ду.