Эткаш юьйхина цициг

УГГАР ХЬАЛХА АРАЯЬЛЛА ЙОЛУ ЖИМА КИНШКА

«Эткаш юьйхина цициг» бохучу туьйранан автор Шарль Перро ву. ХIара араяйоккхучу хенахь тхан карахь кийча кхин а цхьа туьйра дара – «Бремен-гIалара иллиалархой». Церан авторш Вежарий Гримм бу. Хоржучу хенахь кура а долуш, гIийла а доцуш, ша-шех дозалла  деш долу нохчийн цициг гайта лиира тхуна, европейски духар тIехь а долуш. Мужалт тIехь цуьнан сурт иштта диллира Пароева Ларисас, ткъа и туьйра гочдинарг ю Чагаева Тамара.