ЦIинцIолг-йоI

И исбаьхьа туьйра арадоккхуш Лондонехь ехаш йолчу журналиста Спаркс Полинас гIо дира тхуна – цо суьрташ дехкира. Дукха хенахь дуьйна евзаш ю тхуна Полина – цо нохчийн туьйранаш ингалс матте дехира, уьш кхаа маттахь – нохчийн, оьрсийн, ингалсан - арадаха тхан Iалашо юйла шена хиъча. Дикка хан ю и болх бина а баьлла, Iуьллуш болу. Ткъа «ЦIинцIолг-йоI» боху туьйра, суьрташ а дохкуш цо кечдар бахьана долуш,  зорба тохийта тхан каелира.