Цхьаъ, шиъ, кхоъ...

ХIара киншка оха ишколе дахаза долчу берашна лерина араяьккхина ю. Иттанна тIекхаччалц дагардан а, хIора терахьан тидам бан а Iемар ду берана, цуьнга хIара жима киншка дIакхачахь. Тхуна тхаьшна а чIогIа хазахета хIара, наггахь цу тIерачу суьрташка а хьоьжуш, Iаш  хуьлу тхо. Суртдиллархочун Пароева Ларисин белхаш бу шуна гуш берш. Ша С-Петербурге яха дIаяханехь а, тхоьца шен йолу зIе дIа ца хадош, болх беш ю Лариса.