Зезагаш

ХIара шуна гуш ерг альбом ю. Кхунна тIе басарш хьакха а мега. Оха хIара кечъечу хенахь зудаберашна аьлла вовшахтоьхнера – царна чIогIа ма лаьий цхьацца зезагийн суьрташ дахка а, царна тIе басарш хьекха а. ХIара альбом дIайиллича, цхьана агIонна тIехь хаза зезаг гур ду шуна, хила ма-дезза басарш а хьаькхна. Цу агIонна тIехь нохчийн маттахь зезаган цIе ю, ткъа вукху агIонна тIехь изза зезаг ду, амма басарш а хьакхаза. Кхузахь шуна гур ю оцу зезаган оьрсийн маттахь йолу цIе.

Кхузахь зезагийн ерриш а цIераш яц яьхна – цу тIехь болх кхин а дIахьош бу, ткъа хIинца шуна кху тIехь гун дерш вайна массарна а девзаш долу зезагаш ду.