Бремен-гIалара иллиалархой

Наггахь долу бер а карор дац шуна и туьйра ца девзаш. Дукхахболчарна дагадогIу Бременерчу иллиалархойх лаьцна яьккхина йолу мультфильм а. И туьйра берашна дукхадезар бахьана долуш лиънера тхуна берийн киншкашна юкъахь иза хуьлийла. Ткъа суртдиллархочо Пароева Ларисас гайтира ша бина болу болх а. Иза вуно дика а, хаза а бара. Хазахеташ араяьккхира оха и киншка а.