Ешархойх дагадовлуш

ХIара туьйранаш арадаха тхуна дагадаийтинарш "Комус" цIе йолчу туьканан белхалой бу. Цара дийцира, шаьш Москвахь Дуьненаюкъарчу киншкийн ярмаркехь дакъалацархой долчу хенахь, шайна тIе а оьхуш, цу ярмарке баьхкинчара оьрсийн маттахь нохчийн туьйранаш хоьттура бохуш. Тхайна и хIума хезча, оха, вовшашца барт а бина, хIара киншка араяккха сацам бира. Нохчийн маттера оьрсийн матте хIара туьйранаш дохуш, суртдиллархо волу Фадеев Евгений а тIаьхьа ца висира. Иштта кхочушйина проект ю хIара.