Г-Х. Андерсен

Г-Х. АНДЕРСЕН НОХЧИЙН МАТТАХЬ КЪАМЕЛ ДАН ВОЛАВЕЛЛА

И дешнаш яздинера Швейцарехь долчу газетийн агIонаш тIехь, хIунда аьлча уггар хьалхара презентаци церан коьрта гIалахь хилира, Бернехь. Андерсенан туьйранаш арадаха цигарчу тхан хьешаша гIо дира, яздархочо Ирена Брежнас шайна оха беш болу болх бовзийтича. Тхуна уггар еза хеташ сборник ю иза.

Цул тIаьхьа вайн гIалахь а хилира презентаци. Дикка хан яьллехь а, и презентаци йолуш, шен хан яц аьлла, бехказлонаш а ца лоьхуш, цига веанчу Музакаев Дикалуна баркалла ала а луур дара суна. Зезагаш кхийдош, тхо "талхина" дацахь а, зезагийн курс (букет) а елира цо.

Луучунна туьйранаш деша таро хир ю кхузахь.