Вежарийн Гримм туьйранаш

Дукха хан йоццуш Пачхьалкхан коьрта библиотекехь дIаехьира Вежарийн Гримм туьйранийн сборник араяларан хьокъехь йолу презентаци. И сборник араяккха тхан таро хилира Нохчийн Республикан культуран министр Дааев Хож-Бавдис бина аьтто бахьана долуш. Иза ша а ву вуно хаза нохчийн мотт буьйцуш а, цуьнан сий деш а. Тхуна кест-кестта хаало цо нохчийн мотт ларбарехь а, иза толуш, шорлуш дIабахьарехь а беш болу болх. ХIара сборник, ешархоша дийцинчун терго йича, дукха чIогIа хаза а, ган тамехь йолуш а нисъелла.