Дуьненан халкъийн туьйранаш

ХIара тхан уггаре коьрта болх бу. Интернет чохь дуккха а информаци а ю хIокху балхах лаьцна. 1999-чу шеран гуьйранан хенахь нохчийн мотт хууш волу масех стаг вовшах а кхетта, творчески тоба кхоллаелира. Цу хенахь тхан я компьютер а яцара, иштта кхиболу гIирс а бацара. Цундела хIора баттахь мах дIа а луш, оха цхьана ханна ийцира и гIирс. ЧIогIа чолхе болх бара оха болийнарг, хьалха тхуна кхин башха хууш а боцу. Амма цу балха тIехь тхан дика ка елира - цхьа бIе сов туьйра нохчийн матте даьккхира оха. Шина шарахь, зорбане даха таро ца хуьлуш Iиллира и болх, цул тIаьхьа ахча лаха меттиг а, шайн шуьйра зIенаш а йолчу Москварачу "Гражданское содействие" цIе йолчу организацига дIабелира оха тхешан болх, цара иза, зорба тоьхна, ара а баьккхира.

ДIабоьдуш тIом а болуш, хала дара тхуна вайн яздархошца зIе латто - тхо дерриш а Нальчикехь Iаш дара, ткъа вайн Iилманчаш Соьлжа-гIалахь бара. Иштта делахь а, тхан таро хилира Джамалханов Зайнди а, Джамбеков ШаIрани а, Кусаев Iадиз а волчу и болх дIакхачо. 

Кхин шун хан ца йойу оха, хIара хIума дуьйцуш, амма цхьа хIума билгалдаккха луур дара: дуьненан халкъийн туьйранаш юха а зорба а тоьхна, церан тираж лакха а йоккхуш, хIума дан дезара. И киншкаш йохка а ца юхкуш, хIора доьзале а, хIора библиотеке а дIаяла езара аьлла хета тхуна.

ХIара болх бинчеран цIераш шуна йовзийта лаьа тхуна, церан суьрташ а гойтуш.

 

Тамара Чагаева,
проектан куьйгалхо

 

Асталов Шамиль

Сайпулаева Шукран 

Асталов Ваха

Арсанукаев Муса

Пайзуллаева Манаш

Витаригова Лиза