Цхьа мур бара оха суьрташ дохкург лохуш – нохчийн маттахь оха дуьххьара арахоьцуш йолу жима киншка яра кечъян езаш. Атта г1уллакх ца хиллера цу декъехь говзанча карор.
Тхуна билгалбаьхначарна юкъахь яра Пароева Ларисин ц1е, цу муьрехь «Нур» а, «Нюр» а ц1ерш йолчу г1ебартойн а, балкхархойн а маттахь арадолучу берийн шина журналехь болх беш яра и. Цо дехкина суьрташ тхуна ч1ог1а тайра.
"Эткаш йолу цициг" туьйранна цо дехкина суьрташ хестийна цаваллал хаза дара.
Иштта тасаделла дара тхан Пароева Ларисица доттаг1алла. Лариса Россин художникийн Союзан а, АИАП ЮНЕССКОН суртдилларан говзаллин Дуьненаюкъарчу ассоциацин а декъашхо ю. Г1алин а, республикин а, художникин гайтамашкахь дакъа а лаьцна цо. Ларисас дехкина суьрташ нехан коллекциш юкъахь а ду. Ткъа нохчийн берашна совг1атна Ларисас Вежарша Гриммаг1ара а, Андерсен Ганс-Христиана а яздинчу туьйранашна суьрташ дехкина.
Иштта цо дехкина школе дахале деша-яздан 1емачу берашна леринчу «Зезагаш», «Цхьаъ, шиъ, кхоъ…», «Хьажа, дуста», иштта кхечу а киншкашна суьрташ. Лариса художник-иллюстратор йолуш арахецнарг ткъа сов киншка ю.
Тхоьца болх бар а сацийна дац Пароева Ларисас. Карарчу хенахь нохчийн маттахь кечъечу «Туьйранийн абат» берийн киншкина суьрташ дохкуш ю и.