Тхан накъостий болчохь

Май беттан 27-чу дийнахь Ибрагимов Хьамзатан цIарах №1 йолчу математикан ишколехь дIаехьира «Дика гIуллакхаш дан гIо де!» аьлла цIе йолчу  социальни проектийн ярмарка. Иза дIаехьира Хадуева Тамарас куьйгалла деш йолу АНО «Центр развивающих технологий» аьлла цIе йолчу организацин декъашхоша. Цигахь дукха адам а гулделлера, церан бераша бина болу дукха белхаш ган таро а хилира. Цу дийнахь цигахь гулбелларш «Дика гIуллакхаш» цIе йолчу конкурсехь толам баьккхинарш бара. Царна грамоташ а, хаза совгIаташ а делира.

ХIара суьрташ цу ярмаркехь даьхна ду.e