Тхуна дукха чIогIа хазахета Брежна Иренин цIе тхешан накъост а, хьаша а ю аьлла яккха йиш йолуш. Иза массарна а евзаш йолу швейцарера яздархо ю. Ирена ша Чехословакехь йина а, берхIитта шо кхаччалц яьхна а ю, амма 1968-чу шарахь шен даймахкахь хIоьттина хьал бахьана долуш, шен гергарчаьрца кхечу пачхьалкхе дIаяха дийзира цуьнан. Иштта, цуьнан дукхах долу дахар цIера араяьлла йолчу хенахь дIадахана.
Таханлерчу заманахь Ирена ехаш ю дуккха а историн а, литературан а хиламаш хиллачу Базель-гIалахь, жигара шен литературни болх дIакхоьхьуш а ю. Дукха хан йоццуш «Баркалла ца олу хийрамахкахо» цIе йолу роман араяьккхина Иренас. И роман цхьана декъехь шен дахарх лаьцна язйина цо. Ткъа цу дахарехь дуккха а дегабаамаш а, дагахьбалламаш а бисина, мичча а хенахь хьо хийра махкахо ю аьлла, кхуьнга ала йиш хиларо. Амма иштта делахь а, Швейцарин уггар лакхара литературин преми а елла Иренина. Иза а чIогIа мехала хIума ду яздархочунна.
Иренин очеркаш, статьяш, репортажаш а тIетоьхна тайп-тайпанчу газеташа шайн агIонаш тIехь.
Иза журналистикехь а чIогIа дукха а, мехала а белхаш беш хилла. Адамийн бакъонаш ларъяран тIегIанна тIехь дукха болх а бина Иренас.
Нохчийчохь тIом баьллачу хенахь дуккха а статьяш а, интервьюш а зорбане араелира Иренин, дуккха а нахана и хьал дIа а хиира. Цунна баркалла аларца оха тхешан сайт тIехь Иренех лаьцна яздан сацам бира, цуьнан сурт а гойтуш.