Дозалла дарца хьахо лаьа тхуна хIара оьзда ши адам. Ма-дарра аьлча, доьзалан ден боккъал йолу цIе Арнольд ю, ткъа тхо вовшашца дикка девзинчул тIаьхьа, цо тхоьга шех Арьен ала мегар ду элира. Уьш Нидерланд-пачхьалкхехь бехаш бу, Роттердам олучу гIалахь. Уьш цигахь даим а бехаш бу ала хала ду, хIунда аьлча и шиъ даим а дIасалелаш, болх беш бу. Иштта долу дахар хала делахь а, и шиъ дукха хенахь дуьйна Iемина ишттачу боларехь шайн дахар дIакхехьа.
Шайн Iер-дахар иштта делахь а, цушиннан таро хуьлу шайн берашца а, берийн берашца а хан яккха а, церан марзо эца а. Церан боккха доьзал – йоIIий, ши кIанттий, иштта церан доьзалшший, вовшех хьаькхна, вовшийн хазахетар-халахетар девзаш, цунах дакъалоцуш схьабогIуш бу. Иза санна доьзал кхиор а, кхио хаар а – доккха беркат ду.
Церан дахарехь уггар тамашийна хеташ дерг а довзуьйтур ду шуна оха. Арьен а, Майя а, шайн кхо бер дукха жима долчу хенахь Папуа Керла Гвинее дIадахара, абау цIе йолчу цхьана жимачу къоман мотт Iамо а, царна йозанца боьзна мотт кхолла а Iалашо йолуш. Ойла йича, стаг тоьшур воцуш хIума ду иза. Дукха дика а, халонаш хьега ца дезаш йолчу Голландера оцу генахь йолчу пачхьалкхе ваха хIуттур вац, дикка майра стаг бен. ДIакхаьчча, кхарна елла йолчу гIишлонна чохь тхов шочах бина бара, чохь цхьа а тайпана йийбарш яцара, вижар-гIаттар лаьттахь дара, я хи а, я электричество а яцара. Иштта дара цара шайна лехна долу дахар, амма оцу халонех кхера а ца луш, пхийтта шо даьккхира цара цигахь. Иза йоккха дахаран киртиг яра, иза цара лан а лайра.
Ткъа хIинца хаьий шуна, муха нах бу тхан доттагIашна юкъахь? Вевзаш волу лингвистан гIо-накъосталлал меха хIун хила деза оха дIахьош болчу некъа тIехь?