Фогель Иван а, Хелен а

 

ХIара зудий, майрий Швейцарехь дехаш ду. Уьш тхуна бовзийтинарг Базелехь ехаш йолу яздархо Ирена Брежна ю, тхан доттагIа. Уьш бовзале дикка хьалха цхьа хIума хезнера тхуна, иза чIогIа дагах кхеташ хIума а дара. Вайн махкахь шолгIа тIом болабелла хан хилла. «Довха цIа» аьлла йолу общественни организацин куьйгалхо Нелидова Натальина евзина хилла Нохчийчуьра цхьа жима йоI. Цуьнан цIе Фатима хилла. Да-нана доцуш йисина хилла и йоI, инвалидин коляски чохь йолчу ден йишица. Ткъа оцу йоьIан бIаьрса телхаш хилла, хIунда аьлча тIом болчу хенахь бIаьрг лазийна хилла цуьнан, ткъа операци ян кхеран таро ца хилла.

Нелидова Натальин аьтто хилла, хIара йоI а эцна, Швейцаре яха а, цигахь ФогельгIеран доьзална иза йовзийта а. Ткъа цара дукха еза операци яйтина йоIана, иза тояллалц Iуналла а дина цара. Цул тIаьхьа иза школе а яхийтина, цуьнга мотт а Iамабайтина. Цу доьзалехь Фатимина шен декъаза лелар а дицделла, дас-нанас санна цунна дола деш а хилла и зудий, цуьнан майрий. Франце дIаяхана хилла Фатимин ден йиша. Иза Швейцаре йогIуш а хилла кест-кестта.

Тхан доттагIа йолчу яздархочо Иренас шайна оха беш болчу балхах дийцича, цу доьзало барт бина Ганс-Христиан Андерсенан нохчийн матте даьхна долу туьйранаш арахеца гIо дан. Иштта вайн берийн оцу туьйранчин сборник хилира. Цушинна баркалла а олуш, уьш шуна бовзийта лиънера тхуна.